Дистанционни 1аморан центрехь Нохчийн меттан Денна лерина мехала цхьаьнакхетар д1адаьхьира.

19.04.2023

Ассаламу 1алайкум!

Дистанционни 1аморан центрехь Нохчийн меттан Денна лерина мехала цхьаьнакхетар д1адаьхьира. Дешархоша йийцира ненан маттах лаьцна байташ, х1иттийра забаре а, дахарехь нохчийн меттан чулацам лоцуш йолу сценкаш.

Байтийн, сочиненийн, суьртийн къовсаман жам1аш деш грамоташца билгалбехира дешархой.

Дала т1аьхье беркате йойла!